Вахид Аюбов, Шамхан Далдаев, Ильяс Аюбов - Теркаца суьйре ю хаза йаъна


Скачать песню

Текст песни:

теркаца суьйре ю хаза еъна
жима к1ант хин йисте йо1 ган веъна
безамо шен кийра ц1е латийна
исбаьхьчу аматах лаам хьегош
лаьтта йо1 мела хи б1аьргех 1енош
шен даго хьулдинарг к1антех лечкъош

эсала довха дог доьхна дайна
вист хилир жима к1ант синтем байна
ала йо1 х1ун бала хьоьга кхечна
бала бу сан коьртехь доза доцуш
сан наха хьо везар вита бохуш
сан кхоллар кхечуьнца боцар лоьхуш

тахана саготта ма хьийзалахь х1ай
кхолламе а дай хила хьакх эца вай
ширачу г1иллакхе ма кхийда вай
парг1ате зама ю вайх нах йинарг
харц эшо нийсонан некъ 1аминарг
хьо соьца д1а йола ас леринарг

къоналли ирс толо дешнаш хезна
хьомсарчу безамца дахар дезна
т1етайра жима йо1 б1аьрхиш лекхна
к1ента куьг кхетаза куьг схьа лецна
х1усаме боьду некъ юьхьер лецна
акхтаргийн 1индаг1ехь уьш д1а байра

Продолжительность mp3: 03:49
Дата добавления: 2016-03-01
Текст просмотрен: 323
Рейтинг: 0

Рейтинг: 0

Видеоклип Вахид Аюбов, Шамхан Далдаев, Ильяс Аюбов - Теркаца суьйре ю хаза йаъна

Скачать клип

Рекомендуем послушать

  • Хеда Хамзатова - ма хаза хити хьо гина
  • Ма хаза хийти суна хьо гина тахна
    Са ц1е а йоккхуш ахьа соь де дика дина
    Хьалхачул а х1инца суна г1аьхьчул хьоьх эхь хийтира 
    Г1иллакх хьоьхь даимна хилла олу хьоьга баркалла
    Йиш елахь цхьажимма соьца латтахьа ас доьху хьоьга 
    Ма хаза хити хьо гина сих-сиха тхо долчу кхача 
    
    Дог кийрара са хьийзош са ойланаш вовшех хьерча 
    Къурдаша дош а сецош хьоьга хьоьжуш мотт са керча 
    
    Йиш елахь цхьажимма соьца латтахьа ас доьху хьоьга 
    Ма хаза хити хьо гина сих-сиха тхо долчу кхача
    
    Са дагна ца лаьа кху дуьненахь доьхна диса
    Доьлучу даге ладоьг1уш кху дуьненахь ехаш хета
    Йиш елахь цхьажимма соьца латтахьа ас доьху хьоьга 
    Ма хаза хити хьо гина сих-сиха тхо долчу кхача 
    Дахаро чехош, елхош кху дуьненахь со хьизина
    Са кийрара и жима дог дохо хьуна пурб ца делла
    Йиш елахь цхьажимма соьца латтахьа ас доьху хьоьга 
    Ма хаза хити хьо гина сих-сиха тхо долчу кхача 

Комментарии (0)

Добавить комментарий

Каптча: